Нохчийн меттан де!

25.04.2020
Нохчийн Республикехь хаза г1иллакх хилла схьадог1уш ду 25-чу апрелехь Нохчийн меттан де даздар. Итт шо хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана и Де билгалдоккхуш шен указца ч1аг1дина. Ненан мотт - иза кхетош-кхиоран а, оццу хенахь кхидолу меттанаш 1аморан а шатайпа г1ирс бу. Ненан маттахь къамел до вай вешан берашца, оцу маттахь 1амадо дайн сийлахь 1адаташ, оьзда г1иллакхаш, йовзуьйту дуьненан хазалла, исбаьхьалла. Цундела муьлххачу юкъараллин а декхар ду шен ненан мотт 1алашбар, кхиор, т1екхуьучу чкъурана синхазна д1акховдор. Дезачу дийно декхаре до ненан меттан хазна ларъярехьа кхин а ч1ог1а къахьега. Х1унда аьлча, мотт къоман коьрта билгало ю. Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Дезачу дийно вайна массарна а дагадоуьйту массо халкъан шен, кхечерачух къаьсташ йолу, культура, 1адаташ, ламасташ хила бакъо хилар а, и хазнаш ненан маттаца йоьзна хилар а. Вай даима а дагахь латто деза билггал нохчийн матто г1o до къам оьзда, иманехь хилийтарна.