День Чеченского языка

25.04.2023
Ненан Мотт Доьзалехь бийцар а дастама хеташ, Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь. "Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" - Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь. Ладог1ал цкъа соьга, "декъаза корта", Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт: Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз! Мерза бу моз санна ша безачунна Ламанан шовданал ц1ена бу и. Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга Услара даггара хестийна и. Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу, Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш Даима ша хилла Нохчийн Мотт бу. Вайн халкъан ойланаш, дахар а г1ийла Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо. Нохчочун майралла, оьздалла хийла Зевнечу иллешкахь йекийна цо! Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна, Нохчашна шайн мотт а сов хоме бу. Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкьцанна, Хаалахь, декъазниг, - хьо цхьалха вуй! Ш. Арсанукаев